Ставрополерчу Федералан Университето карантин кхайкхийна шен дешархошна коронавирусца доьзна

Пятигорск

Сhange.org сайтехула петици айина студенташа, куьг яздинарг ву 1300 стаг. Къилбаседа Кавказан Федералан Университетан ректоре Беспалов Дмитрийга хьажийна ю иза.

"Оха доьху хIоьттина хьал тергаме эцар, вайн университетехь доьшуш дуккха а мехкашкара кегийнах хилар. Цхьаболу студенташ деношкахь баьхкина Европан Бертан мехкашкахь хан яьккхина», - боху петицино.

Кхечу мехкашкарчу студенташна сихха шайн-шайн цIа бахар дехна университетан куьйгалло. Амма сацош дац дешар – иза интернетехула зIе кхобуш дIахьор ду. Кхаа кIиранна кхайкхийна карантин. Университетан пресс-векалто бахарехь, коронавирус кхетта стагга а вац дешархошлахь а, хьехархошлахь а, университетан кхечу белхахошлахь а.