Кадыровс шена бовзийта боху эладитанаш даржош болу нах

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана социалан машанашкарчу нахе кхайкхам баржийна, мессенджерашкахула элидатанаш даржош болу бахархой бовзийта, аьлла.

"Даьхна ма-хиллара дIадехаш ду вай. Хуучо язде соьга, хIун нах бу эладитанаш даржош. Ас луьстур ду цаьрца дерг». Ишта ду "Чечня Сегодня" портало далийна Кадыровн дешнаш.

Кадыровс коронавирусах лаьцна а аьлла. Цунна гарехь, сов кхерабелла хьийза бахархой интернетехь. Махканна зен дийр дац дуьнентIехула даьржинчу уьно, тешна ву иза.