Итале бахна Оьрсийчуьра лоьраш а, "коронавирусан" пропаганда а

Итали -- Бергамора хIоспитал

Your browser doesn’t support HTML5

Итале бахна Оьрсийчуьра лоьраш а, "коронавирусан" пропаганда а



Оьрсийчоьнан пачхьалкхан зорбан гIирсаша а, Кремлна гIортор ечу блогерша а пайда оьцу эскаран лоьраша, Бергамо гIала йинчу рейдах Малхбузенца пропагандин тIом беш, яздо "Американ аз" зорбан гIирсо. ХIара цуьнан боцца чулацам бу.

"Iалашо – Къилбаседехьа: Орсийчоьнан эскархой хьалхене дIахIиттина Италехь коронавирусца къийсам латто; "Оьрсийчуьра безамца: муха тIеийцира коронавирус хьаьрчинчу Италино Оьрсийчоьнан говзанчаш". Иштта цIерш а йолуш сюжеташ гойтуш ю Оьрсийчоьнан пачхьалкхан телеканалашкахь, Оьрсийчуьра тIеман вирусологаш, Кремлан векало Песков Дмитрийс ма алллара, "гIо дар Iалашонца шайга далун дерг дан "Итале кхачарх лаьцна хаамаш беш.

Цхьацца лоьрийн гIирс а, молханаш а эцна Оьрсийчоьнан эскархоша Бергамо марш ярх лаьцна хаам бира кхаарин сарахь тIеман министро а. Амма Италин Iедалан векалша баркаллица тIеэцна йолу Оьрсийчоьнан тIеман лоьрийн миссица цхьаьна дIахьош ю Италехь коронавирус яржарца хIоьттина бохаман хьал информацин тIом беш пайда оьцучу Оьрсийчуьрчу пропагандистийн мисси.

"Польшо чекх ца довлийтира кеманаш"

Зазадоккху-беттан 23-чу сарахь Федерацин Кхеташонан декъашхочо Пушков Алексейс Твиттерехь яздира, "Польшо шайна стигалахула чекх ца довлийтина Италина гIо эцна доьлху Оьрсийчоьнан кеманаш" аьлла. "Иза пачхьалкхан политикан тIегIантIехь ямартло ю", - аьлла эргIадвахарца дIахьедар дира Оьрсийчоьнан сенаторо, ша яздинчун далош цхьа а тоьшалла а доцуш.

Цуьнан дIахьедар шайн караийцира Кремлна гIортор ечу блогерша. Пушковс йина твит буха а йиллина цхьан блогеро бина хаам болалора "Муьлаш бу уьш, цул тIаьхьа?" бохучу дешнашца. Дукха сихонца цуьнга хьаьжира 120 эзар стаг.

Оьрсийчоьнан политико бина хаам сихха гучубелира кхечу меттанашкахь а. Польшин Iедало и хаам харцбинчу хенахь и информаци яра массанхьа а. ТIаьхьо Пушковс шен твит дIаяьккхира, цхьа а хIума хилла доцуш санна.

"Польшо кеманаш чекх ца довлийтарх" лаьцна фейк йоцург Кремлна гIортор ечу пропагандисташа социалан машанашкахь дIахIиттийра Италин байракхан уллехь лаьтта Евробертан байракх дIа а яьккхина, цуьнан метта Оьрсийчоьнан байракх а хIоттийна "Баркалла, Оьрсийчоь", "Баркалла, Путин" тIе яздина кехат дIалаьцна мила ву а ца хуу цхьа стаг лаьтташ яьккхина видео. YouTube-хь иттаннаш эзарнаш нах хьевсира, хьа яьккхина а ца хуучу оцу видеоролике.

"Гримхой а цхьаьна"

"Американ аз" зорбан гIирсана интервью луш Италехь вехачу вевзаш волчу блогеро, яздархочо Мальгин Андрейс элира, Оьрсийчуьра лоьрийн рейд пропагандин Iалашо йолуш хиларх цхьа а шеко яц шен аьлла.

Цунна хетарехь, иза цхьана агIор махкахь бехачу нахана хьажийна пропаганда ю, хьовсал, Оьрсийчоьно Европа кIелхьаръяьккхира ШолгIа Дуьненан тIом боьдуш, ткъа вайн юбилей ю – Толаман Де, хIинца Оьрсийчоьно кхин цкъа а Европа кIелхьарйоккхуш ю, хIунда аьлча Европа ша хIумма а далуш яц, ала. Цундела ю Оьрсийчуьрчу зорбан гIисаша бечу хаамийн цIераш, Оьрсийчоьнан эскархой гIо да бахна, хӀаллакьхуьлчу Италина", бохуш.

"Пропагандин хIоттаман шолгIа дакъа – арахьарчу дуьненна хьажийна пропаганда ю. Цу агIор гIуллакхаш баш дика доьлхуш дац, хIунда аьлча италхошна хаьа хIун гIо мичара кхочуш ду – ткъа иза дерриг дуьненера кхочуш ду, иза тоам болуш а ду.

Италин бахархой инзаре цецбевлла бара, Оьрсийчуьра баьхкинчерах ах гергга, эпидемица къийсам латто дIоггара оьшуш боцу журналисташ а, телеоператорш а, аудиорежиссераш а, серло тохархой а, грим йиллархой а цхьаьна хиларна, бохуш вара Мальгин Андрей.

"Маршо Радион" Оьрсийн сервисан хиллачу директорна, Италерчу журналистана Корти Мариона хетарехь, "Италехь пресса дукхачу хьолехь кхеташ ю, хIун мах бу бохучух Оьрсийчоьно гIо даран".

"Дукха дика кхеташ бу уьш, иза пиар а, пропагандин пал а хиларх а, Оьрсийчоь карарчу хенахь ша шена гIо дан дезаш хиларх а, хIунда аьлча цигахь коронавирусца доьзна гIуллакх забаре доцчу даьлла, я цу хьоле дера долуш ду.

Уьш иштта кхета Оьрсийчоьно цунна дуьхьал тIаьхь декхар схьадоьхур хиларх, дIаяха санкцеш, я Iаткъам бе кхечу пачхьалкхашна, уьш дIаяхийта аьлла, Оьрсийчоьнан Iедалша иза кестдахь а", - элира Кортис "Амеркан аз" зорбан гIирсана ша йинчу комментарехь.