Коронавирусан ун даьлла пассажир дIавигина таксхо охьавиллина

Коронавирусан ун даьлла хилла пассажир дIавигина таксхо карантине охьавиллина Нохчийчохь. Къоман кхерамзаллан Кхеташонан секретаро Усмаев Вахьита кхайкхамбина социалан машанехь: "Такси машен тIехь болх бечу Чадаев Хожбаудис Соьлжа-гIалин аэоропортера ши пассажир Астрахане дIавигина хилла. Шиннах цхьаъ коронавирусан шеко йолуш вара. Нагахь санна, Хожбауди шайна вевзинехь, цуьнца дIасадаханехь, дехар до шуьга, тест ян лор кхайкха, я чохь совца".