Советан маршал хиллачу Коневна хIоттийна хIоллам вовшахбаьккхина Прагехь

Советан пачхьалкхан маршална Конев Иванна хIоттийна хIоллам вовшахбаьккхина Чехин коьртачу гIалахь Прагехь пIераскан дийнахь. Цу хьокъехь сацам бинера стохка Прага-6 гIалин кIоштан кхеташоно. Иза вовшахбоккхур болу де билгалдаьккхина дацара.

Прага-6 кIоштан куьйгалхочо Коларж Ондржейс хIоллам дIабаккхарна комментарий йина: "Цуьнан юьхьтIехь туьтмIажиг яцара. Низам лардан деза массара а – ураме вала йиш яц, бага а, мара а хьулбина бен".

Чехехь карарчу хенахь коронавирус бахьана долуш юкъаяьккхина ю дерриг а къоман карантин. Юкъараллин меттигашкахь гучувала мегаш дац туьтмIаьжиг йоьллина бен. Дихкина ду дуккха а адамаша дакъалоцу мероприятеш дIаяхьар.

ХIоллам кхечу меттиге билггала тахана дехьабаккхар доьзна ду процедуран хаттарш эххаре а кхочуш дина довларца, аьлла Прага-6 кIоштан векало.

Маршалан хIоллам дехьабаьккхина Прагехь кхуллучу 20-чу бIешаран Музей хир йолчу меттиге.