Уфан вахархочун гIуда тоьхна карантинан раж йохорна

Гайтаман сурт

Уфахь 15 эзар сом гIуда тоьхна суьдхочо меттигарчу вахархочун 33 шо долчу Шарифуллин Русланна. Иза бехке вина, коронавирус яьржаш а йолуш, изоляцин раж йохорна. Цунах лаьцна хаам бина чоьхьарчу гIуллакхийн Башкирин урхалло.

Полисхоша лаьцна Шариффулин Охан-беттан 2-чу буса рейд дIахьош. Иза хилла президента Путин Владимира бехктакхаман кодексехь гIуданаш юкъадохуш хийцамаш бинчул тIаьхьа маситта сахьт далале.