Кхин а шина вахархочун коронавирус хаькхаелла Нохчийчохь

Соьлж-ГIала

ДIадаханчу дийнахь-бусий Нохчийчохь коронавирус кхетта хилар гучудаьлла кхин а 2 вахархочун. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Роспотребсоюзан сайта тIехь, хаам бо Кавказ.Реалиино.

Цу кепара, карарчу хенахь Нохчийчохь и цамгар кхеттачу нехан терахь ду 36. Царах 12 стагана коронавирус хилар тIечIагIдина лерринчу лабораторешкахь. Меттигерчу лоьрашна ун кхетта хилар хааделлачул тIаьхьа дархойн тесташ дIажош ю Москвахь а, Новосибирскехь а йолчу лабораторешка.

Нохчийчоьнан могушаллан министро Сулейманов Эльхана меттигерчу телевизионехь къамел деш бинчу хаамца, дарбанан цIеношкахь болчу дархойн хьал юккъерчу барамехь ду. СадаIарца халонаш хьоьгуш ю 60 шо долу цхьа зуда. Иза тIетесна ю нуьцкъала садоIуьйтучу гIирсана.