Кадыровн а, Мишустинан а карантинна гонах

Your browser doesn’t support HTML5

Оьрсийчоьнан премьер-министра регионийн хьаькамашка луларчу мехкашкара богIу некъаш дIа ма къийла аьллехь а, Кадыров Рамзана чIагIдина латтадо Нохчийчоьнан доза. Мишустин Михаилна гарехь, регионерчу куьйгалхочо федералан бакъонаш шега дIаэцар ду иза. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо ша къам Iалашдеш «дерриг а дийр ду», боху шен Телеграм-каналехула.