27 шо хьалха нах байина стаг лаьцна Къилбаседа ХIирийчоьнан полицино

Гайтаман сурт

ГIалгIайчоьнан вахархо Куштов Башир лаьцна полицино. Цо бахарехь, 1993-чу шарахь Пригородан кIоштарчу цхьана юьртахь Куштовс а, цуьнан шина накъоста а герзаш диттина вийна меттигера 4 вахархо.

Нах байинчул тIаьхьа иза лечкъаш ваьхна Оьрсийчоьнан массех регионехь, боху Iедало. 60 шо долчу Куштовс тIаьххьарчу заманахь хан хьош хилла лаьмнашкахь, цигахь кхиийна шена даа а, мала а. Мобилан телефонах я интернетах пайда оьцуш а ца хилла цо.

27 шо хьалха Куштовс а, цуьнца хиллачара а виъ стаг верал совнах, герз диттина йоьдучу машенна тIе – амма зенах хьалхабевлла цу чохь хилларш.

Хенан йохалла лецна, ехха хенаш такха набахте хьажийна Куштовца хилларш, чохь воллучохь кхелхина царех цхьаъ. Ткъа Куштов лаца ца луш висина хIетахь.

Зулам дина хиларх йолу материалаш полицино чуелла Къилбаседа ХIирийчоьнан Талламан комитете.