Оьрсийчохь COVID 19 вирусах 198 стаг велла

Оьрсийчохь коронавирусан уьнах беллаийн терахь 198 хьаладьалла. ТIаьххьарчу буса кхелхина 28 стаг аьлла, хааме даьккхина оперативан штабо. Къаьсттина дукха нах белла Москвахь – 106. Подмосковьехь – 26. Пхиппа велла COVID 19 вирусах Петербургехь а, Башкортостанехь а, Нохчийчохь а.