Яхначу буса кхин а 158 стагна коронавирусан ун даьлла Къилбаседа Кавказехь

158 стаг ву Къилбаседа Кавказерчу регионашкахь коронавирусан ун даьржина хиларца билгалваьккхина яхначу буса.

ГIалгIайчоь ю дархой алсамбовларца билгалъяьлла, кхин тIе а 56 вахархочух ун кхетта цигахь.

Нохчийчохь хиллачарна тIекхетта 41 стаг. Краснодаран кIоштахь 24, Ставрополан кIоштахь 20, Кхарачойн Чергазийчохь 7, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а пхиппа ву.