Осмаев Адамна кIелоян дагахь хилла аьлла, инарла лаьцна Украинехь

Осмаев Адам

Нохчийчуьра схьаваьллачу Осмаев Адамна кIело йинарг ву аьлла, шеконашца лаьцна Украинан кхерамзаллан урхалло (СБУ) шайн белхан накъост инарла-майор Шайтанов Валерий. Украинехьа оьрсийн сепаратисташна дуьхьал тIемаш бечу Осмаевс ша бина цунах лаьцна хаам "Кавказ.Реалии" портале.

СБУ-н белхахошкара кхаьчна шена аьлла цо инарла лацарх информаци. СБУ-н куьйгалхочо дIахьедарехь, Шайтанов Оьрсийчоьнан ФСБ-но шайгахьа верзийна хиллера 2013-чу шарахь. Даймахкана ямартваларна а, терроризмна а бехкевинчу цунна дуьхьал даьхна бехктакхаман гIуллакхаш дара.

Шайтанов оцу зуламашна бехкехиларх, ишта Осмаевна тIелатар кечдарх а, шайгахь аудион а, видеон а тоьшаллаш ду бохуш, чIагIдо кхерамзаллан урхалло.

Шен къайлахчу сервисашкарчу хьосташна тIе а тевжаш, Украинан парламентан хиллачу депутато Мосийчук Игора "Кавказ.Реалии" портале дийцира, Шайтановс кечден зулам чекхдаккха дезаш хиллера 2017-чу шарахь аьтто боьхна тIелатар динчул тIаьхьа а, оццу шарахь Осмаевн хIусамнана Окуева Амина йийначул тIаьхьа а аьлла.

Оьрсийчоьно бехкевеш ву Осмаев Адам пачхьалкхан президентна Путин Владимирна кIелоян кечлуш хилла ву бохуш. 2014-чу шарахь Украинехь хан тоьхнера цунна бакъо йоцуш герз а, лоьлхуьйтурш а лелорна. Одессерчу СИЗО-хь хан яьккхинчул тIаьхьа маьршаваьккхира Осмаев.

Дудаевн цIарах хиллачу батальонан хьалханча Мунаев Iийса вийначул тIаьхьа Осмаев хIоттийра тобан лидер.