COVID19 яьржинчу юккъехула кегийрхой эскаре хьовсо хьийза Москвара Iедалхой

Кхайкхийна карантинан раж йоллушехь кегийрхой бIаьста эскаре бига кечамаш беш бу Москвара Iедалхой. Ялх эзар жимстаг арми вахийта Iалашо ю церан, даим санна. "Коммерсанто" яздо цунах лаьцна, гIалин мэрино префекташка дахьийтинчу "некъан картана" тIе а тевжина.

Кхоазза тIеман комендатуре бахка декхаре бина тIекхойкхурш.
Цкъа делахь, комиссина тIебахкале 30 де хьалха "диагностикан талламаш/анализаш" дIаяла еза церан. Анализаш яла хьажош кехат схьаэца дезар ду церан тIеман комендатурехь, я СМС-хаамца. Ткъа Москвахула шен транспортца дIасалела терахьан код оьцучохь "военкомат" аьлла, билгалдаьккхина дац. Оцу хьелашкахь, полисхошка муха хоуьйтур ду тIекхойкхучара шаьш доьлху меттиг, яздо хьостано.

Комендатуре чубоьлхучу заманчохь дегIан температура а юстуш, масканаш йоькъур ю кегийрхошна. Цаьрга хоьттур ду, тIаьххьарчу баттахь хиллий уьш кхечу пачхьалкхехь а, церан гергарчех цхьа а вуй карантине хаийна а.

ШолгIа комиссех чекхвала ваха дезар ду эскаре кхайкхинчун. КхоалгIа ван веза, эскаре бохуьйтурш вовшахтухучу пункте дIавахархьама.

"ЦIена" а, "боьха" а зонашка боькъур болуш бу эскаре кхайкхинарш. Хьалхарчу зонехь хир бу, тесташца коронавирус цахилар къаьстинарш, шолгIачу зонехь хир бу жамIаш кхачаза болу кегийрхой. Нагахь санна, цхьахволчуьнца коронавирус ю аьлла, тIечIагIдахь, йоллу командана эвакуаци йийр ю боху.

Бакъонашларъярхоша дIахьедо, и барамаш тоаме цахилар а, цара тIекхойухучарлахь коронавирус ца яржийта дуьхьало а йийр яц бохуш.
Цара тIедожийна, эскаре кхойкхучу нехан терахь лахдар, я бIаьстенан раж юкъахъяккхар.

Заздоккху-беттан 30-чохь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира омрана куьйгяздира, Охан-беттан 1-чу дийнера 15-чу дийне кхаччалц эскаран гIуллакхдан хьовсош.