Мохк бегийна Дагестанехь

Гайтаман сурт

Гуьржийчоьнца дозучу Дагестанан лаьтта тIехь мохк бегийна. Оцу хьокъехь хаамбина Тбилисерчу сейсмологаша, хаам бо "Гуьржийсоьнан керланаш" хаамийн агенталло.

Цара бахарехь, латта карзахдаьлла меттиг ю Гуьржийчоьнан дозанна 5 чаккхарма юьстах. Мохк бегийна 3,5 магнитудехь. Болчу хаамца, кхин зе хилла стаг вац.

Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а шина пачхьалкхан доза чекхдолуш ду Дагестанан Цунтинан а, Гуьржийчоьнан Кварелин а кIоташна юкъахь.