ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Кавказехь велла 6 пациент. Вирус кхетта 498-нна

ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекцех велла 6 пациент, цомгашчарна тIекхетта кхин а 498 пациент. Коронавирус ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу штабан хаамашца, Ставрополан кIоштахь велла 4, Къилба ХIирийчохь а, ГIалгIайчохь а цхьацца стаг кхелхина. Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла коронавирусан уьнах 83 вахархо.

ТIаьххьарчу зерашца, уггар а дукха вирус кхетта нах билгалбевлла Дагестанехь - 158.

Дагестан +158 (эпидеми иккхичхьана верриг а 1389 ву)
Къилба ХIирийчоь+93 (763)
Краснодаран кIошт +66 (1017)
ГIебарта-Балкхаройчоь+44 (456)
ГIалгIайчоь +43 (722)
Ставрополан кIошт +43 (562)
Кхарачойн Чергазийчоь+22 (352)
Нохчийчоь +20 (485)
Адыгея +9 (163)

Къилбаседа Кавказан массо а регионехь 5909 ву COVID-19 ун даьлла. Ткъа Оьрсийчохь, Оперативан штабан инормацица, 106 498 вахархочуьнца къаьстина коронавирус.