ДАIИШан лидер лаьцна шаьш, боху Иракъан ницкъаша

Iабдел Насер ал-Кирдаш

Террорхойн «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан куьйгалхо лаьцна шаьш, даржийна Иракъан иччархойн буьйранчаша, хаам бо “Ал-Iарабийа” телеканало.

Лерринчу ницкъаша бахарехь, Американ эскаро стохка гурахь ДАIИШан лидер Ал-БагIдади Абу Бакр вийначул тIаьхьа цунах бисинчу меттехь хилла лаьцнарг.

“Исламан пачхьалкхо” шен хаамашкахь лидеран йоху цIе ю Абу ИбрахIим Ал-ХIашими Ал-Къураши. Вашингтонна хетарехь, оцу цIарна тIехьа лечкъина ву организаци кхоьллинчех а, цуьнан идеологех а волу Амир Мохьаммад Iабдел Рахьман ал-Мавлйа, бохура хьалхо «Американ Аз» радионо. Ткъа Иракъерчу иччархоша дийцарехь, лаьцначун бакъ цIе ю Iабдел Насер ал-Кирдаш.

Стенгахь, маца, муха лаьцна ДАIИШан лидер хоуьйтуш дац. Иза лаца аьтто белла иччархойн информацино, боху “Ал-Iарабийас”.