ТIаьххьарчу 24 сахьта чохь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 23 вахархо. Цомгуш хилла кхин а 558 стаг.
Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, 11 стаг кхелхина Дагестанехь, 6 – Къилбаседа ХIирийчохь, 2 – ГIалгIайчохь, 1 – Ставропол-махкахь. COVID-19 ун даьржичхьана схьа велла регионехь 505 стаг.
Хьалха а санна, уггаре дукха ду дараш Дагестанехь – 132 стагаца хааелла коронавирус дийнахь-буса.
- Дагестан +132 (5 228 юьхьанца схьа)
- Ставропол-мохк +85 (2 653)
- Краснодар-мохк +79 (3 987)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +75 (2 978)
- Кхарачой-Чергазийчоь +67 (1 204)
- Къилбаседа ХIирийчоь +50 (3 055)
- ГIалгIайчоь +37 (2 164)
- Нохчийчоь +17 (1 264)
- Адыгей +16 (890)
Верриг а коронавирус хьакхаелларг ву Къилбаседа Кавказехь 23 423 стаг, Оьрсийчохь - 423 741.