Европерчу туристашна шайн дозанаш схьадиллина Германино а, Италино а

Your browser doesn’t support HTML5

Европехь тIаьхьий-хьалхий шайн дозанаш схьадоьллуш ю Шенгенан зонера пачхьалкхаш. Коронавирус бахьана долуш юкъадаьхна дехкарш малдарх лаьцна кхаарин дийнахь дIакхайкхийна Италино а, Германино а. Испанин парламент а кечлуш ю оцу хьокъехь кхаж таса. Ткъа Британи кхин дIа а йита дагахь ю хIора цу пачхьалкхе вогIучунна декхаре йина йолу шина кӀиранан карантин.