Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу буса а, дийнахь а велла 9 дархо, ун даьлла 515 стагана

ТIаьххьарчу буса а, дийнахь а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан уьнах велла исс стаг, ун къаьстина кхин а 515 вахархочуьнца.

Эпидеми дIаса ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла кхоъ, Краснодаран кIоштахь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а, Ставрополехь а шишша.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь COVID-19 инфекцех велла 705 дархо. Къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан махкхахь – 102 стаг:

  • Ставрополан мохк +102 (4 451 ву эпидеми яьржичхьана)
  • Кхарчой-Чергазийчоь + 87 (2 902)
  • Дагестан + 79(7 267)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 75 (4 511)
  • Краснодаран кIошт + 61 (5 501)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 30 (3 798)
  • Адыгей + 28 (1 569)
  • ГIалгIайчоь + 22 (2 828)
  • Нохчийчоь + 19 (1 619)
  • ГIалмакхойчоь +12 (1 339)

Къилбаседа Кавказехь верриг а ун даьлла ву 34 458 стаг. Йоллу Оьрсийчоь бу уьш, оперативан штабан зерашца, 592 280 пациент.

  • Яхначу цхьана буса а, дийнахь а Къилбаседа Кавказера Ставрополан мохк а, Кхарачой-Чергазийчоь а лидерш хилла коронавирусан ун даьлла нах совбовларна. Масех баттахь оцу тептарех хьалха яра Дагестан. Ткъа хIинца, Оьрсийчоьнан могушалла Iалашъяран министраллан информацица, Дагестанера коронавирусан хьал цхьана эшшарехь ду.