Кхел йийр ю шен юьртахо вийначу Бумматарчу вахархочунна

Иллюстративан сурт

Нохчийчуьрчу 42 шо долчу вахархочунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдина ТIехьа-Мартанарчу талламан декъо, цо стаг верна. Меттигерчу зорбан гIирсаша бина цунах лаьцна хаам. И стаг а, цо вийнарг цIарца вуьйцуш вац.

Талламчийн зерашца, кху беттан 11-чу дийнахь Серноводскан кIоштарчу Бумматахь шина юьртахочунна юкъахь дов иккхина хиллера, эххар а латаре а доьрзуш. Дагах масийттаза уьрс тоьхна хиллера цхьаммо довхочунна. Оццу меттигехь велла чов хилларг.

Талламаш бу дIахьош, стаг веран бахьанаш а, Iалашонаш а зуьйш.