Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу буса а, дийнахь а велла уьнах 12 дархо, вирус кхетта 492 стагана

Stavropol, Stavropol Territory, coronavirus, mask, masks, Ставрополь, маска, маски, коронавирус

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу буса а, дийнахь а велла коронавирусан инфекцех 12 дархо, ун даьлла кхин а – 492 стагана.

Оперативан штабан зерашца, Дагестанехь кхелхина 6 пациент, ГIалгIайчохь – 3, Краснодаран кIоштахь – 2, Кхарачой-Чергазийчохь – 1.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь велла COVID-19 уьнах 717 пациент.

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь къаьсттина Ставрополан махкахь бу ун даьлла дукха нах – 90:

  • Ставрополан махкахь+90 (4 541 ву эпидеми гучуяьлчхьана)
  • Кхарачой-Чергазийчохь + 81 (2 983)
  • ГIебарта-Балкхаройчохь + 74 (4 585)
  • Дагестанехь + 73 (7 340)
  • Краснодаран кIоштахь+ 60 (5 561)
  • Адыгейхь + 38 (1 607)
  • ГIалгIайчохь + 32 (2 860)
  • Къилбаседа ХIирийчохь + 28 (3 826)
  • Нохчийчохь + 15 (1634)
  • ГIалмакхойчохь +1 (1 340)

Верриг а Къилбаседа Кавказехь коронавирусан инфекци яьлла ву 34 950 стаг. Йоллу Оьрсийчохь, оперативан штабан статистикаца, 599 705 ву COVID-19 вирус кхетта.