75 сов эзар вахархо ток йоцуш висна Нохчийчохь

Гайтаман сурт

75 эзар сов Нохчийчуьра вахархо висна электросерло йоцуш, Iалам карзахдаларна. Цунах лаьцна хаам бина еарин дийнахь Оьрсийчоьнан энергетикан министралло.

Электросерло ялар юхаметтахIоттош къахьоьгуш ву лерринчу сервисийн 96 говзанча. Цара пайда оьцу 32 леррина цу балхана кечйинчу техниках.