Садайначул тIаьхьа арахь лелачу кхиазхошна таIзар дийр ду Нохчийчохь

Иллюстративан сурт

Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша профилактикан барамаш болийна республикехь, садайначул тIаьхьа, воккханиг цхьана а воцуш, шайн цIенна генахь буьйлабелла лела кегийрхой лоьхуш. Толлуш ю кегийрхой гуллу меттигаш: паркаш, сквераш, яккхий туьканаш, яздо махкарчу хаамийн гIирсаша.

Iаржъеллачу хенахь баккхийчех да, нана, я цхьахволу верас уллохь воцуш карабаьхкинчийн дена а, нанна а административан жоьпалла тIедожориг хиларх дIахоуьйтуш, цхьанакхетарш ду дIахьош.