ГIебарточунна Махов Билялна 2012-чу шеран Олимпан чемпионан цIе елла

Махов Билял

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу охьатохархлатархочунна Махов Билялна 2012-чу шеран Олимпан чемпионан цIе елла Товбеца-беттан 13-чу дийнахь «Охьатохархлатаран Цхьаьнатоьхначу дуьнено» (UWW).

2012-чу шарахь Лондонехь хиллачу Олимпан ловзаршкахь дакъалаьцначу гIажаройн атлетна Гасеми Комелина а кхачийна и санна дарж. Вуьйцучу шиммо а баьхнера олимпиадехь, дегIан супер-йозаллин спортхошлахь, кхоалгIа меттигаш. Амма Узбекистанан агIор леттачу хIиричуьнгара Таймазов Артурера а, Гуьржийчоьнан латархочуьнгара Модзманашвили Давидера а, допинг-тесташ эцначул тIаьхьа, дIаехира дашо а, дети а мидалш – лелон мегаш доцчу молханийн лар карийнера цаьрца.

Олимпан исторехь дуьххьала дара хьалхара а, шолгIа а меттигаш баьхначу атлеташкара допинг бахьанехь совгIаташ дIадахар. Цундела дезна UWW-н Махов а, Гасеми а толамхойн тIегIане ваккха.

  • Олимпан ловзаршкахь кхузза чемпион вийлинчу Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин депутатера Таймазов Артурера допинг-тесташ зийначул тIаьхьа (2019 шо) дIаяьккхира 2008-чу а, 2012-чу а шерийн чемпионан титулаш. «Цхьааллин Оьрсийчоь» партерчу оцу депутата, политика ю бухайиллинарг, ша лерина вац Дашо мидалш охьаяхка, элира. Цул тIаьхьа толамхочун цIе дIаеллера Дуьненаюкъарчу Олимпан комитето Модзманашвили Давидна, амма гучуделира оцу гуьржийн атлето а доппинг-молханаш лелийнийла.
  • Оцу юкъанна, 2020-гIачу шеран юьххьехь Оьрсийчоьнан доппингашна дуьхьаллаьттачу урхалло (РУСАДА) шен тесташца мальдоний (допинг) карорна бехкевира Махов Билял. Амма зераш совцийра коронавирус яржарца доьзна болх сацочу юкъанна.