Краснодарехь летта нохчий а, Липецкера туристаш а

Гайтаман сурт

Нохчийчуьра бахархой а, Липецкера туристаш а Краснодаран кIоштарчу Архипо-Осиповка олучу эвлахь леташ видео яржийна интернетехь. Цигахь хиллачара дийцарехь, регионе баьхкинчу хьешашца хиллачу йоIана тIехула иккхина хила тарло дов, яздо "Комсомольская правда" газетано.

"Кху беттан 15-чохь хилла хIума ду иза. Цара хIун къевсинера хууш дац билггал. Инициатор мила вара а ца хаьа. Бакъду, вовшашка боьха бага леян буьйлабелира уьш юьхьанца, юха чуччабахара. Кавказхой ницкъе а хилла, алсам зенаш туристашна хиллера. Царех цхьаъ дарбан цIийне кхачийра", - дийцина дов долучу заманчохь гергахь хиллачо.

Инцидент цхьаммо дIаязйина, зулам хилла масех де даьллачул тIаьхьа социалан машанашкахь яржийна. Карабаьхкина конфликтан декъашхой.

Краснодара кIоштарчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан пресс-гIуллакххоша хаамбарца, инцидентан хьокъехь дIахьош талламаш бу.