Шен дех лаьцна дуьххьара дешнаш яздина Нурмагомедов Хьабиба

Нурмагомедов Iабдулманап а, Нурмагомедов Хьабиб а

Тренер, шен да Нурмагомедов Iабдулманапан кхалхарх дуьххьара комментари йитина цуьнан кIанта, UFC-н чемпионо Нурмагомедов Хьабиба. "Сан дада, хьо воцуш ваха хала хир ду суна. Суна да вара хьо, доттагI вара, ваша вара, тренер вара. Массо а суна хуург ахь Iамийна дара. Хьо сайна реза вара аьлла, дегайовхо-м ю сан", - яздина инстаграмехь спортхочо.

Карладоккху, спортхо, масех дуьненан чемпион-латархо кхиийна волу Дагестанера Нурмагомедов Iабдулманап дIавелира Москвахь дарбан хIусамехь Мангал-беттан 3-чохь.

ММА охьатохарх латарехь дуьненан чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибан да а, тренер а вара кхелхинарг. Коронавирус а кхетта, цо чолхене деаьккхинера цуьнан дагца хилла лазар. Москварчу дарбан цIийнехь, реанимацехь вара иза. Цигахь инсульт а лайра цо.

UFC-н чемпион волчу Нурмагомедов Хьабибан да, тренер Нурмагомедов Iабдулманап ваьхначу Кизилюртан-кIоштарчу Кироваул эвлана цуьнан цIе тиллар дийцаредо Дагестанехь.