ТIаьххьарчу дийнахь-буса, Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабо бечу хаамца, Къилбаседа Кавказерчу дарбан хIусамашкахь коронавирусах велла 14 стаг, цомгуш хилла кхин а 482.
Дагестанехь велла пхи дархо, Ставропол-махкахь а, ГIалмакхойчохь а – кхоккха, Краснодар-махкахь – шиъ, Адыгейхь – цхьаъ. Пандеми йолаелчхьана схьа коронавирусах велла Къилбаседа Кавказехь, официалан ститистико бахарехь, 1161 стаг.
Дийнахь-буса а, ун даржинчу ерриг а хенахь а цомгуш хилларш:
- Ставропол-мохк +125 (11 606)
- Краснодар-мохк + 84 (10 941)
- Дагестан +72 (10 788)
- ГIалмакхойчоь +68 (3981)
- Кхарачой-Чергазийчоь +39 (4976)
- ГIалгIайчоь +29 (4306)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +22 (6439)
- Къилбаседа ХIирийчоь +20 (4860)
- Адыгей +19 (3327)
- Нохчийчоь +4 (2253)
COVID-19 уьнах Къилбаседа Кавказехь цомгуш хилларг верриг а ву 63 088 стаг, боху Оперативан штабан терахьаша. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь цомгуш хилла цунах 980 405 стаг.