Къизаллаш лелийна аьлла, шеконашца лаьцна Къилба ХIирийчохь 7 милцо

Гайтаман сурт

Джабиев Инарлина а, чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Наниев Игорна кIело ярна шеконашка эцначу шинна тIехь а, къизаллаш лелийна аьлла, лаца кхайкхийна шаьш шайх пачхьалкх кхайкхийначу Къилба ХIирийчоьнан Цхинвалан кхело. Кавказ.Реалии порталан корреспонденто бина и хаам.

Митинге бевллачу нехан дехарца, Къилба ХIирийчоьнан инарла прокуроро цIераш яьхна, Iазапаш лелорна шеконашка эцначу ницкъахойн. Уьш бу: криминалан милицин декъан куьйгалхо Сланов Ирбек а, цуьнан белхахой Хугаев Марат а, Гогичаев Заур а, Багаев Алан а, Козонов Сергей а, Тадтаев Артур а, иштта, криминалан милицин терроризмца а, экстремизмца а къийсам латточу декъан хьаькам Джиоев Андрей а. Уьш берриш а лецна бу.

Де хьалха Цхинвалехь шолгIа протестан акци дIаяьхьира, парламентан оппозицн депутаташа вовшахтоьхна. 2000 гергга нах вовшахкхетта митинг буьйса юккъе яххалц лаьттира. Республикан президентна Бибилов Анатолийна а, инарла прокурорна Джагаев Урузмагна а даржаш охьадахкар тIедожийнера гулбеллачара.

Цул совнах, парламенте хьалхатеттинчу "Ныхас" партин лидеро Санакоев Давида бехкзуламан жоьпалла тIедожаде элира чоьхьарчу гIуллакхийн министрна а, инарла прокурорна а, иштта, милцоша бахархошна еттар кхачам боллуш таллар а, йоллу ницкъаллийн структурашкахь реформа дIаяхьар а.

  • Чоьхьарчу гIуллакхийн министрна Наниев Игорна кIело йина хилла аьлла, шеконашца изоляторе (ИВС) валийна хилла Джабиев Инал кхелхира, цигахь тIехь къизаллаш а лелийна. Оццу дийнахь президенто Бибилов Анатолийс министр даржах ваьккхира, ткъа тIаьхьо йоллу министрийн кабинет а дIасаяьккхира.
  • Джабиев Инална ницкъбина, иза вийна аьлла хеташ, лаьцна, хеттарш дира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан бархI белхахочуьнга. Iедалхоша чIагIо йира, цунна бехкеболучарна, муьлххачу даржашкахь белахь а, таIзар дийр ду шаьш аьлла.
  • Оршотан дийнахь, 5000 гергга стаг а гулвелла, дIавоьллира Цхинвалехь Джабиев Инал. ГIалин коьртачу майдана еара цуьнан дакъа чохь долу яьшка.