Ши бер хе даьхьна Нохчийчохь

Соьлжа чохь жима ши ваша хе вахьар ду толлуш, хаам бо Нохчийчуьрчу талламан комитетан урхалло шен сайта тIехь.

"Гуьмса йистехь, Соьлжа тIехь луьйчуш, хичу вахана 2007-чу а, 2009-чу а шерашкара волу ши ваша. ТIехьожуш баккхийнаш а боцуш, дихкинчу меттехь луьйчуш хилла ши бер", - боху хаамехь.

Урхалло бахарехь, орцанхошна хица карийна цхьана вешин дакъа, лоьху шолгIаниг.