Your browser doesn’t support HTML5
Хасаров ШаIрани "Диттан къамел"
Хасаров ШаIрани
Диттан къамел
- Сан IиндагIе кхийда шу,
Боху мерза стоьмаш.
Iаьнан шело кхаьчча чу
Соьца йохйо пешаш.
Дукха ду шун
гIуллакхаш
Деш сох гIирсаш,
цIенош,
Ма бехделаш
гIиллакхаш
Кегий синтарш хедош.
1979 шо.