Хасаров ШаIрани. Таппа-Тапар

Your browser doesn’t support HTML5

Хасаров ШаIрани "Таппа-Тапар"

Хасаров ШаIрани

Таппа-Тапар
(кIентан йоIана Каметина)

Далой хьажал, Таппа-Тапар,
Деанна тIе кхаччалц дагар?
Дада хено ловза ца во.
Даде хIинца дагар ца ло.
Эхь ду кетIахь, тIех ца долуш,
«Дагардой шун йоIа?»-бохуш.

Хьо дIагIолахь, эли аса,
Дагардо сан йоIа хаза.
ЙоьIан аз ду мазал мерза.
Хьо йоI яцчийн керта дерза.
Да, нана ду йоьIан гIалахь,
Йиц ца еш и балхахь, арахь.


Ма йоI хилла Таппа-Тапар!
Деанна тIе дин цо дагар.
Диъ кор даьккхи хазчу денна*
Йиъэ агIор кху дуьненна.
Оцу дийнан серло кхетта
Эхь дIадаха дедда, дедда!
20.01.2004 ш.

_________
Диъ кор даьккхи хазчу денна*- дуьненан йиъэ агIор бIаьргбеттан йолаелла, йоккхахилла бохург ду.