Берана тIехь къизалла гойту видео Шемахь яьккхина хилла

Гайтаман сурт

ТIаьххьарчу деношкахь социалан машанашкахь къизаллица жимачу берана етташ гойтуш, яржийначу видеон бух теллина. Дуккхаха болучара яздора, и сурт хила тарло Нохчийчохь, бохуш.

Республикан прокуроран Абдул-Кадыров Шарпуддин тIедилларца, талламаш болийнера, бер а, цунна тIехь къизалла лелориг а лаха Iалашонца. Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша яздарехь, видео Шемахь яьккхина ю, нохчийн къомаца йоьзна а яц.

Хьалхо Шеман пачхьалкхан телевизионехь гайтина хилла оцу хиламах лаьцна сюжет.