Соьлж-ГIалин мэрихь дIаяьхьначу кхеташонехь сацам бина, буса итт сахьт даьллачул тIаьхьа уллохь воккханиг а воцуш, дуьйладелла лела бераш лоьцуш, рейдаш дIаяхьа.
"Буса берашна тIехь Iуналла ца даро диканиг дохьур дац. Иштта, толлур ю буса, берашна езаелла компьютеран клубаш а цхьана", - аьлла, дIахьедина шахьаран мэрин векалша.
Старопромыслан кIоштан прокуроро а, полисхоша а дакъалаьцначу кхеташонехь билгалдаьккхина, тIекхуьучу чкъураца беш болу болх жигара баккха беза аьлла.