Ламасташна луьрачу Кандагерера зударийн спортзал

Your browser doesn’t support HTML5

ОвхIанистанан къилберчу Кандагар провинцехь ехачу бакъоларъярхочо Дурани Маремна некъ карийна ша итт шарахь бен болх бакъбан – зударшна керла фитнес-центр схьайиллина цо. Талибанан дош лелачу Кандагарехь никъабаш лелайо зударша, иза доцуш царна гIелонаш хуьлучу махкахь шогга бакъонашкахьа лаьтта 36 шо долу Дурани дика евза бахархошна.