Шарахь гергга кхаьънаш оьцуш болх бина Адыгейрчу дарбан цIийнан коьртачу лоьро

Адыгейрчу Красногвардейскан кIоштан дарбан цIийнан лоьранна кхаьънаш а луш, контаркташца цуьнан хьукматна шарахь гергга молханаш латтийна махкарчу "Альфа-Мед" компанино, хаам бо Оьрсийчоьнан Инарла Прокуратурин пресс-векалто.

2018-2019-чу шерашкахь эцна кхаьънаш Красногвардейскерчу коьртачу лоьро, боху кIоштан кхелан сацамо. Амма муха ду дина таIзар, хоуьйтуш дац.

Ткъа шена бечу озабезамца молханаш дIадухкуш хиллачу "Альфа-Мед" компанина къастийна административан низамца догIу таIзар – 1 миллион сом гIуда.