Ши де ду Оьрсийчохь коронавирусах цомгуш хиллачийн терахь 7000-нал совдуьйлу

Оьрсийчохь дийнахь-буса COVID-19 ун кхеттарца билгалваьлла 7523 стаг, хаам бина федералан уьнна дуьхьалоечу штабо. ШолгIа де ду цомгуш хуьлучийн барам 7 эзарнал сов лаьтта. Статистика йовзийтина тIаьххьара де ду Гезгмашин-беттан 25-гIаниг.