Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь велла коронавирусах 16 дархо, ун къаьстина 733 стагаца

ТIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, коронавирусан уьнах велла Къилбаседа Кавказехь 16 дархо, вирус къаьстина кхин а 733 стагаца.

Эпидемица къийса Iалашонца вовшахтоьхначу оперативан штабан информацица, Дагестанехь кхелхина ялх, Краснодаран кIоштахь пхиъ, Ставрополан махкахь виъ, ГIебарта-Балкхаройчохь цхьаъ.

Пандеми яьржичхьана велла COVID-19 уьнах Къилбаседа Кавказехь 1822 пациент.

ТIаьххьарчу дийнахь-буса бинчу талламашца, Ставрополан кIоштахь алсам бу вирус кхеттарш - 156 стаг:

• Ставрополан махкахь +156 (18 065 ву эпидеми яьржичхьана)
• Краснодаран кIоштахь+98 (15 285)
• ГIалмакхойчохь + 85 (7 448)
• Дагестанехь + 85 (14 512)
• Кхарачой-Чергазийчохь+ 81 (8 084)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+ 80 (8 494)
• ГIалгIайчохь + 54 (6 350)
• Къилбаседа ХIирийчохь+ 39 (6 298)
• Адыгейхь + 45 (4 601)
• Нохчийчохь + 5 (2 503)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 91 640 стаг ву COVID-19 вирус токхуш. Оперативан штабан зерашца, йоллу Оьрсийчохь ву коронавирусаца 1 312 310 вахархо.