Хьаькамийн гIанташ дIалеца бакъо йоцу нах даржашкара бохийна Нохчийчохь

Нохчийчуьрчу Iедалан органашкахь болх беш хилла исс стаг мукъаваьккхина даржех, хаамбо мехкан прокуратурано, REGNUM агенталло яздарца.

Бинчу талламашкахь къаьстина, и нах даржашкахь хила бакъо йолуш цахилар. Iедалан хьукматашкахь болх бечунна оьшу я квалификаци а, йа зеделларг а, я диплом а доцуш, латтош хилла уьш хIинццалц схьа.

Балхара ваьккхина цхьа хьаькам бизнес лелош а цхьана хилла, ткъа пачхьалкхан куьйгаллехь гIуллакх деш волчунна магош дац низамаша коммерци лело.