Гихтахочуьнга нах къинтIерабахийтина WhatsApp-хула хаам баржорна

WhatsApp-месенджерехула Нохчийчуьрчу нахе шена къинтIерабовлар доьхуш Гихтарчу вахархочо даржийна къамел довзийтина пачхьалкхан "Грозный" телеканало.

Репортажо бахарехь, фейк-хаам баржийна хилла гIойтIахочо, махкахула берашна кхерамаш туьйсуш, Ford машенца ваьлла лелаш ву цхьа стаг, аьлла.

"Шен дагахь, бераш нийса Iамадайта, Довтаев Лоьмас доттагIчуьнга хаам бахьийтина. Ткъа вукхо и хаам шор а беш WhatsApp-е биллина, цунах алссам фантази йолу деза адам деш", - яздина телеканало шен инстаграм-агIонехь.