Карабахехь барт барна Путин хастийна Кадыровс

Оьрсийоьнан президент Путин Владимир "дуьненан тIегIанан лидер" ву аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Ломарчу Карабахехь тIом сацош бечу бертана юкъара хиларна.

"Вайх хIора а кхин цкъа а тешийна кху суьрто, Путин Владимир дуьненан тIегIанан лидер хиларх. Хьалха а гина ду вай, цуьнан дашо дуккхаъчу регионашкара конфликташ ерзош, цIий Iенор цо сацош. Оцу чолхечу хеттаршкахь толамаш бахар нисло Iаламт ницкъечу, харизмечу, биллам боцу авторитет йолчу нехан",- аьлла, яздина цо шен телеграм-каналехь.

Хьалхо Оьрсийчоьнан а, Азербайджанан а президенташа а, Эрмалойчоьнан премьер-министро а куьйгаш яздира Ломарчу Карабахера тIом сацочу бертан кехаташна. Цуьнца а догIуш, Оьрсийчуьра машарбан тоба хьажийна конфликт лаьттачу меттиге. Цул совнах, Азербайджанна юхаелла кхо кIошт.

Азербайджано гIад бахна тIеийцира хилла барт, ткъа Эрмалойчохь оппозицино митинг хIоттийра премьер-министре Пашинян Николе дарш охьадиллар тIе а дожош.