Франци: нохчийн мухIажирша латкъамаш бо, набахтехь лоьраш тIе ца буьту шайна аьлла

Гайтаман сурт

Коронавирусан ун даьлла шайна, лоьрашкара дарба а ца кхочуьйту аьлла, дIахьедина Францерчу Парижна гергахь йолчу депортацин набахтехь латточу мухIажирша. Бу царлахь Нохчийчуьра бахархой а цхьана.

"ЦIе ца йоккху лазар долу а, гепатит цамгарца а нах бу кхузахь, амма царна деш дарба дац", - дийцина Кавказ.Реалиига, шен цIе ца яккхар дехначу Европерчу нохчийн Ассамблейн векало. -Масийттанан дагарш лаьтта пхи де а ду, амма хадархоша а, лоьраша а дIахьедо, коронавирусна йина тесташ негативе ю бохуш. Масех Оьрсийчу дIахьажийна коронавирус яц аьлла, ткъа цига дIакхаьчча тIечIагIдина ун хилар. Карантине ховшийна уьш".

Цул совнах, мухIажирша даредо, шайна францхойн мотт ледара хааре терра, Iеха а деш, кехаташна куьйгаш яздойту шайга аьлла.
"Куьйгъяздан документаш дохьу, адвокат лоцуш кехат ду олий, ткъа ма-дарра аьлча, пачхьалкхера араваккхийта резахуьлуш куьйг таIадар хуьлу и", - дийцина къамел динчо.

Шарль-де-Голь аэропортна гена доццучохь ю депортацин набахте. Цуьнан администрацин белхахо реза ца хилира Кавказ.Реалиин хаттарна жоп дала. Нохчийчуьрчу мухIажирех хаттар дуй хиинчул тIаьхьа, цо хьийхира мухIажирийн бакъонаш Iалашъечу организацица зIене довлар.

Кху шеран ГIадужу-баттахь Парижехь хьехархо Пати Самюэль вийначул тIаьхьа гIуллакхаш галдевлла цхьаболчу нохчийн мухIажирийн.