Чубоьхкинчу нохчашна накъосталла до адвоката Азас

Your browser doesn’t support HTML5

15 шо ду Алиева Аза юриспруденцехь къахьоьгуш йолу. Тахана Саратовхь адвокат болх беш ю иза. Азас лелош долу гIуллакхаш коьртачу декъана набахтехь латточу нохчашца доьзна хуьлу. Хьиджаб лелош ю адвокат, амма оцу духаро шен балхана новкъарло ца йо, боху цо. Маршо Радионна еллачу интервьюхь Алиевас бовзуьйту шен болх-некъ а, шена хьалха Iитталочу халонех а, ткъа иштта цхьадолчу Оьрсийчуьрчу довза дезачу низамех а лаьцна.