Шекаран а, ораматийн даьттан а мехашна доза тоха дагахь ду Оьрсийчоьнан Iедал

Оьрсийчоьнан Iедал дагахь ду шекаран а, ораматийн даьттан а мехашна доза тоха, уггар лакхара мах билгалбаккхарца. Оцунах лаьцна хаам бо "Карара хан"сайто, РБК агенталлана тIе а тевжаш.

Дийцарехь, шекаран килан уггар лакхара мах хир бу 36 сом туьпахь, ша-ша духкуш – 45 сом. Даьттан мах хир бу туьпахь 95 сом, ткъа ша-ша духкуш 110 сом.

"Интерфакс" агенталло шена хьстанашна тIе а тевжаш хаам бо, нагахь шекар а, ораматийн даьтта а ша-ша духкуш мехаш цхьаьнаметта чIагIцалахь, йохур ю кхин йолу гIулчаш - масала, юкъайоккхур ю ораматийн даьттан экспортан ял.

Гарехь, и сацам тIечIагIбийр бу и сурсаташ дечара а, махбечу машанаша а барт а бина.

Оьрсийчоьнан Iедалан куьйгалхочо Мишустин Михаила хьалхо критика йинера министрийн кабинетана "мехала сурсатийн мехаш хьаладовларна" шен хеннахь дуьхьало ца ярна. Цо дйцарехь, дуьйцучу сурсатийн дефицит яц, уш тоъала долуш ду махкахь.