Францин президентна Макрон Эммануэлна коронавирусан ун даьлла. Елисейн майданарчу цIийно бина цунах хаам.
Message de l’Élysée : pic.twitter.com/KeG9qtowrO
— Soraya Morvan-Smith (@SMorvanSmith) December 17, 2020
Дийцарехь, инфекцин билгалонаш гучуевлла хилла Макронца. ЦIера болх а беш, карантине хиина президент.
Хьалхо хааме даьккхира Американ Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Дональдах а, Британин премьер-министрах Джонсон Борисах а вирус кхетта аьлла. Шинна а гIоле хилла.
Цхьа могIа пачхьалкхийн урхаллашкара нах кхелхина коронавирусан инфекцех, Францин хилла президент Жискар д'Эстен Валери а цхьана.
Шога карантинан барамаш бу Францехь тIеэцна. Юкъадаьккхина ду комендантан сахьт а.
Эпидеми яьржичхтьана Францехь ковидан ун делира 2,5 миллион вахархочунна, 60 эзар гергга пациент велира вирусах.