ГIалгIайчуьра виъ вахархо маьршаваккхар дехна Оьрсийчоьнан дипломаташа Мисаран Iедалхошка

Мисаран Iедалхошка дехар дина КъахIирерчу Оьрсийчоьнан векалто, ГIалгIайчоьнан виъ вахархо шайга схьалахьара аьлла. ТАСС агенталло бина и хаам Оьрсийчоьнан омбудсменан Москалькова Татьянин пресс-гIуллакххошна тIетевжина. Кхелахоша кхин бина сацам а боцуш, Оьрсийчоьнан бахархой лецна кхоалгIа шо хиларна бевлла уьш Мисаран Iедалхошка. ГIалгIайчуьра схьабевлла кегийрхой: Аушев Илез а, Дзейтов Iела а, Плиев Рамзан а, Чемурзиев Исмаил а 2018-чу шарахь лецира, экстремизмна бехке а бина. Карарчу заманчохь "Тора" цIе йолчу Мисарарчу набахтехь бу уьш.

Оьрсийчоьнан консулан декъан белхахоша ахча а, йовха бедарш а, юург а, молханаш а дIакхачийна чохь латточарна. Цул совнах, карантинан раж йоллушехь, векалтан белхахойн аьтто баьлла цаьрца цхьанакхета а. Уьш чохь латтон хьелаш эвсардаха а, царна лоьраш тIебитийта а ницкъ кхаьчна Оьрсийчоьнан дипломатийн, омбудсмено бахарехь, яздо ТАСС агенталло.

Ал-Азхар университетехь доьшуш волу Аушев Илез, Дзейтов Iела, Чемурзиев ИсмаьIал, Плиев Рамзан бехкево КъахIиро экстремизм яржорна. 2018-чу шеран аьхка лецна уьш. Цаьрца цхьаьна лаьцначу пхоьалгIачух, Дугиев Хизарх, хилларг дац хууш тахана а.