Саратовхь цIахь санна

Your browser doesn’t support HTML5

Дикка зама ю Саратовхь нохчийн диаспора кхоллаелла а, цо Оьрсичоьнан регионехь нохчашна Iен а, баха а аьттонаш буйла гойту а. Масех шо ду цIера Гуьмсера волчу Бичигов Ислама оцу гIалахь берашна охьатохарх лата Iамош йолу «Алга-Файт» клуб йиллина. Маршо Радион корреспондент хилира оцу клубехь, гира цига лела оьзда, гIиллакхе кегийнах.