Хасаров ШаIрани. Дуьне духуш

Your browser doesn’t support HTML5

Хасаров ШаIрани. Дуьне духуш

Дуьне духуш

Суна моьттура дуьне духуш
Стигла чу йоьлху.
Хилла и наношна духуш,
КIенташна боьлхуш.

ТIепаза вайначу шен кIанте
Сатийса ваьлча,
Дена а, аталой, хаьрций
И дагтIе даьржа.

Ширделла, тийна Iа сан дуьне
Кошан барз боцуш,
Мел сирла догIучу дийне
ГIатталур доцуш .

Стигланаш елха а ца оьшу .
КIайн дуьне духуш ,
Харцоно болатан гIоьмаш
Куьйгашна туху.

2003 ш.