Хасаров ШаIрани. Куьзга

Your browser doesn’t support HTML5

Хасаров ШаIрани. Куьзга

Куьзга

Ма бакъ дац дахаран куьзганчохь вайна гург,
БIаьргашна оццул и къегарах.
Дала а цуьнан ду, даккха а цуьнан ду
Массо а шена чу хьежаван.

Леррина дIахьаьжча, кхин агIо хиллийца
И бакъ-сурт гойтуш цу куьзганан,
Дикане, воне кху дахаро идийна
Шерашна шераш тIедуьзча хьан.

Со шерех чекхвийли. Гинчуьнах цецвели.
Ласттийна, буй туьйхи куьзганах,
IиндагIан гаьргех ас когаш кIел оьла йи .
Лазийна, цIийдели сан дагах.
1986 ш.