Баккхийчу нахана изоляцин раж юкъаяьккхина Нохчийчохь

Гайтаман сурт

65 шарал тIехбевллачу нахана юха а изоляцин раж юкъаяьккхина Нохчийчохь. Карарчу беттан 17-чу дийне кхаччалц ларбан дезар ду цуьнан барамаш. Изоляцин раж карлайоккхучу омрана куьйгъяздина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

65 шаре бевлла нах боцурш а, карантин хьакхалур ю цадоьрзу лазарш шайца долчу нахах а цхьана аьлла, хааме даьккхина "Грозный" телеканало.

Коронавирус яржарца динамика лахара ю аьлла, ГIалмакхойчоьнца а, Москваца а цхьана цIе яьккхира Лахьан-баттахь Нохчийчоьнан. Оцу юкъанна, уьнах леш болчийн Iорадоху зераш бIостане хуьлу официалан гIирсийн.

Нохчийчохь, кхечу мехкашкахь а санна шога ларъеш ю масканийн режим. Бакъду, Нохчийчоьнан куьйгалхочо а, цуьнан гоно лардеш дац шаьш юкъадаьккхина низам. Нах вовшахбетталучу меттигашкахь цаьргахь ца хуьлу масканаш, иштта, лар ца йо социалан дистанци а.