Кадыровн гонан инстаграм-аккаунташ яржориг еза машен ло

12 миллион стаг язвелла йолчу шен агIонехула инстаграм-блогеро Литвин Михаила еза машен кхайкхийна ша гергарло мел лелочу нахаца «доттагIалла» тесначунна. Ткъа иза язвелла йолчу I37 аккаунташлахь итт сов ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонерчу нехан, боху obzor.io ресурсо.

Блогеро язбала нах кхойкхучу аккаунташлахь ю, масала, КадыровгIеран аккаунташ: Рамзанан зудчун Меднин а, воьIан Iелин а, йоьIан Iайшатан доларчу модин цIийнан а, уллера гаргарчу кхечийн а аккаунташ.

Хьалхо хаам баьржира, Нохчийчоьнан куьйгалхочун доьзал бу социалан машанашкара шайн аккаунташ яржорхьама машанашкарчу конкурсашкахь дакъалоцуш, аьлла. Акаунташ шорйийириг делира КадыровгIара алссам ахча, хIораннан цIарх 400 эзар сом а луш. Цунах лаьцна журналисте Дудь Юрийга шен интервьюхь дийцира репера Моргенштерна.

  • Инстаграмо 2017 шарахь дихкира Кадыров Рамзанна шен ресурсашкахь аккаунт лело. Американ санкцешна буха иза нисваларца дуьйзира бахьана Инстаграмо. 2018 шарахь Кадыров агIо юхасхьаелла воьлча, ца магийра иза дан.